Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Гуманитарно-технический техникум"

"Нохчийн меттан дозалла" доклад

25.04.2024

"Нохчийн меттан дозалла" доклад дийшира нохчийн меттан хьехархочо Къусайрин Даудан Луизас

2024-чу шеран оханан беттан 25-чу дийнахь, Нохчийн меттан Денна лерина, Нохчийн пачхьалкхан колледжехь, "Нохчийн меттан дозалла" доклад дийшира нохчийн меттан хьехархочо Къусайрин Даудан Луизас. Доклада т1ехь дуьйцура Нохчийн меттан дозаллех.

Муьлхачу а къоман коьрта билгало а, къам шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех ца долуьйту мокхазан чIагIо а йу мотт. Цунах херделла адам, шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех, сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа.

 

Источник: ГБПОУ "ЧГК"