Нохчийн меттан де! День чеченского языка
25.04.2020Дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, хаза а, исбаьхьа а бу Нохчийн мотт. Оцу маттехь дерриге а ду – нохчийн къоман башхалла, истори, культура, гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ, ламасташ. НР куьгалхочо Р. А. Кадыровс шен Указаца «Нохчийн меттан Де», аьлла д1акхайкхийна ду апрель беттан 25-г1а де.ХIора шарахь республикехь дIахьо нохчийн мотт Iалашбарна, кхиорна лерина йолу конкурсаш, конференцеш, фестивалаш, форумаш. ХIунда аьлча, нохчийн мотт вайн халкъан коьрта билгало ю, вайн къоман бух бу. ХIора а нохчичун сийлахь декхар хета суна шен мотт ларбар, Iалашбар, кхиор, шен къоман истори, культура евзаш-езаш хилар.ХIокху дезачу дийнахь вай дIагойту нохчийн матте болу вайн безам, дагалоьцу вайн орамаш, баркаллаш боху нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна болчу вайн хьехархошна.Вайн декхар ду ненан маттаца йовха а, ховха а юкъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар. Вайн культурин бух бу иза. Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза дIабер бац.Нохчийн меттан Денна лерина Дешаран а, 1илманан министерствоно д1айолийна #бекалахьненанмотт ц1е йолу нохчийн маттахь байташ йоьшу эстафета. Ишта дешархоша ГТТ эстафетин раг1 схьаоьцу. Дала кхиабойла вайн Мотт а, г1иллакхаш а, оьздангалла а! Ларбелаш нохчийн мотт!
Т1акха а гуманитарно технически-техникумера дешархошна юкъахь д1абаьхьира Нохчийн поэтийн Даймахках, ненан маттах лаьцна язйина байташ ешаран эстафета, «Нохчийн мотт – сан дозалла» сочинени язъяран а, «Кхерчан йовхо» (суьрташ дахкаран) ц1е йолу кьовсам. 1-чу, 2-чу, 3-чу курсашкара дешархоша жигара дакьа лецира къовсадаларехь. Къовсамехь тоьлларш билгалбира. Нохчийн меттан Денна лерина болчу белхаш т1ехь жигара дакьалаьцначу дешархошна грамоташца совг1аташ дира.
Жам1 иштта дара:
1-ра - меттиг группа СР-18
2-г1а - меттиг группа ЭГС-18
3-г1а – меттиг 3С-1